Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Параллельные места
Іийсас Ша цуьнга хих чекхваккхийтира. Иза хи чуьра араволлушехь, Дала стигалш дІасаеллаялийтира. Іийсана хьалха кхокханан суьртехь лакхара охьадогІуш долу Делан Са дІахІоьттира. Иза нийсса Цунна тІе охьадеара. Стигалара схьахезаш долчу озо элира: «Иза ву Сан хьоме КІант! Цуьнца бу Сан лаам!» Иштта, даха а гІой, Ден, КІентан, Делан Синан цІарах массо а халкъаш хих чекхдаха, Со а, Сан Да а – Тхо цхьаъ ду». Ас воуьйтур ву шуна Сайн Дегара гІо Дийриг – Дегара схьадолу бакъдерг гойту Са доуьйтур ду шуна. Цо, деача, тоьшалла дийр ду Сох. Ткъа и бакъдерг гойтуш долу Са схьадеача, Цо билггал бакъболчу новкъа дохур ду шу, хІунда аьлча Цо Шегара бохур дац, амма Шена хезнарг дуьйцур ду, тІейогІучу хенахь хиндерг хоуьйтур ду Цо шуна. Цо Сан сийлалла ойур ю, хІунда аьлча Соьгарчух дІа а эцна, Цо довзуьйтур ду шуна иза. Ден мел долу хІума а Сан ду. Цундела элира Ас, Цо, Соьгарчух дІа а эцна, шуна довзуьйтур ду иза аьлла».
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода