Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
И де тІекхаьчча, Ярушалаймах беза боккха тІулг бийр бу Ас массо а халкъашна. Иза меттахбаккха мел гІиртинчо шена чІогІа зен дийр ду. Дуьненан массо а къаьмнаш Ярушалайм-гІалина дуьхьалдевр ду. Ас дерриг а халкъаш Ярушалаймана дуьхьал тІом бан схьагулдийр ду. ГІала схьаяьккхина хир ю. ЦІеношна талораш дийр ду. Зударий сийсазбохур бу. ГІалин цхьа ах йийсаре юьгур ю, ткъа дисина халкъ гІаланах дІахадийна хир дац. ТІаккха Везачу Эло, ара а ваьлла, оцу халкъашна дуьхьал тІом бийр бу, тІеман дийнахь Ша тІом ма-барра.
Выбор основного перевода