Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана, татолаш хоьцур ду екъачу аренашка. Ас Сайн Деза Са хьан берашна тІе доссор ду, Сан декъалдар хоьцур ю хьан тІаьхьенашка. Сан хьоме къам! ТІеюха хьайна сингаттаман бедарш, тІетаса хьайна чимаш. Хьайн цхьаъ бен воцучу кІентан докъана ма-елххара, доггах елха. ЦІеххьана хІаллакдийриг вайна тІелетар ву». Белха а боьлхуш, уьш схьабогІур бу, доІанаш а деш, ткъа Аса уьш юхаберзор бу. Хишна уллохула, аттачу некъаца дІабуьгур бу Аса уьш, церан когаш а тийсалур бац. Аса буьгур бу уьш, хІунда аьлча Со Исраилан Да ву, ткъа Эпрайм Сан дуьххьарлерниг ву». «Оцу деношкахь, и хан тІекхаьчча, – боху Везачу Эло, – Исраилан къам а, ЯхІудан къам а, цхьаьна доьлхуш лелар ду, шайн Веза Дела а лохуш. «Цул тІаьхьа иштта хир ду: Аса Сайн Синан Іаь тухур ю дерриг а адамна тІе. ТІаккха шун кІентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Шун баккхийчарна Делера долу гІенаш гур ду. Ткъа кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ дуьхьалхІуьттуш хир бу. «Оццу деношкахь а, оццу хенахь а Ас юхаметтахІоттор ю ЯхІуд а, Ярушалайм а. Шун деза денош гІайгІане дийр ду Ас, аша локху массо а эшар, белхар а дина, дІахІоттор ю. Массарна а сингаттаман духар тІедухур ду, хІораннан а корта баьшна хуьлуьйтур бу. Махкахь белхар доккхур ду, цхьаъ бен воцучу кІантана деш долу белхар санна, цуьнан чаккхе къаьхьа де санна хир ю. Делан Йозанийн кхечу меттехь кхин а аьлла ду: «Шаьш дегІах гоьмукъ чекхбаьккхиначуьнга хьовсур бу уьш». Сайн ялхошна тІе, божаршна я зударшна делахь а, Сайн Синан Іаь тухур ю Аса цу деношкахь, тІаккха цаьргахь пайхамаралла хир ду. Хьажал, Иза мархашца охьавуссур ву, тІаккха массарна гур а ву Иза, ур-атталла Цунах гоьмукъ чекхбаьккхинчарна а тІехь. Лаьттарчу дерриге а тукхамаша белхар дийр ду Цунах. Иза иштта билггал хир а ма ду! Амин!
Выбор основного перевода