Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Самаялахьа, самаялахьа, гІаттахьа, Ярушалайм! Везачу Элан карара Цуьнан дераллин кад мелла ахь. Кад берриг а бассийна ахь, цо хьо тахкийна. Иштта боху хьан Хьалдолчу Эло, Шен халкъ лардеш волчу хьан Дала: «Хьан куьйгара схьаоьцу Ас хьо тахкийна болу кад. Сан дераллах буьзна болчу хІокху кедара ахь кхин мер дац. Ас хьуна ницкъ биначеран кара лур бу иза. Цара хьоьга элира: „Охьайижа лаьтта, тхо хьайна тІехула дІасалелийта“. Ахь хьайн букъах латта а, урам а бира, нах тІехула лелийта». Ур-атталла ЯхІудан халкъо а тІом латтор бу Ярушалайм-гІалина дуьхьал. Гонахарчу массо а халкъийн бахам схьагулбина хир бу – боккхачу барамехь долу деши, дети, духарш.
Выбор основного перевода