Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Исраилан Серлонах цІе хир ю, цуьнан Везачух алу хир ю, цхьана дийнахь ашурхойн паччахьан коканан коьллаш а, къух а догуш йолу. Ашурхойн паччахьан мел йолу хьаннаш а, бошмаш а, доь ца дуьтуш, хІаллакйийр ю Цо. Вала воллу стаг гІелваларх тера хир ду иза. Цундела массо а ницкъийн Везачу Дала боху: «Оцу наха иштта дешнаш аьлла дела, хьан багахь долчу Сан дешнех, Ярми-ЯхІу, Аса йогуш йолу цІе йийр ю. И нах Аса дечиг санна хуьлуьйтур бу, ткъа цІеро уьш дІакхоллур бу. Якъубан цІийнах цІе хир ю, Юсупан цІийнах цІеран алу хир ю, ткъа Іесаван цІийнах ча хир ду. И ча дагор ду. ТІаккха цхьа а дийна вуьсур вац Іесаван цІийнах». Иштта боху Везачу Эло. Цо кхуьнга элира: «Сихха дадий, гІо! Оцу къоначу стаге дІаала: „Цигахь дуккха а адамаш а, бежанаш а Іаш хиларна, Ярушалаймах пен боцу гІала хир ю. Къилбаседехьа йолчу ГибаІ-гІалара Ярушалаймана къилбехьа йолчу Римун-гІалина тІекхаччалц дерриг а латта Іариба-тогІи санна хир ду. Ярушалайм-гІала шен лекхачу меттехь кхидІа а лаьттар ю. Иза хир ю Бен-Яманан кевнна тІера дуьххьарлерчу кевнан меттехь долчу Сонерачу кевнна тІекхаччалц а, Хьананиал-бІаьвнна тІера паччахьан муттдоккхургана тІекхаччалц а. Нах цигахь кхерам боцуш бехар бу, иза хІаллакйо кхоллам кхин кхочур бац Ярушалайм-гІалина.
Выбор основного перевода