Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Ахь юьхьанца латта кхоьллина, Хьайн куьйгашца стигалш йина. Ахь оба санна, тІеюхуш ерг серло ю, четар санна дІасаяржийна Ахьа стигал а. Иштта боху, стигал а кхоьллина, иза дІасаяржийначу а, латта а, цунна тІехь долу массо хІума а дІасадаржийначу а, цунна тІехула лелачу адамашна садеІар а, дахар а лучу а Везачу Дала: Сан куьйгаша кхоьллина латта, Сан аьтту куьйго дІасаяржийна стигалш. Ас латта а, стигал а тІекхайкхича, уьш Суна хьалха хІуьттур ду. Со даим а хир вац шу бехке деш а, шуна оьгІазъоьхуш а. Со иштта хилча, муьлхха а са Суна хьалха гІеллур дара, Іаь а тухуш, Ас мел кхоьллинарг лаьттар дацара. Нагахь вайна таІзар деш болу дуьнен чуьра дай вай лоруш хилча, синойн Дена кхин а чІогІа муьтІахь хила ца деза вай, дахар хилийтархьама?
Выбор основного перевода