Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Ярушалаймехь цунна дина долчу берийн цІераш иштта яра: ШамуІ, Шубаб, Ната, Сулим, Бетал-Шар-Эцара дІаваийтинера РегІам-Малик а, цуьнан нах а массо а ницкъийн Везачу Элан цІа долчу, Веза Эла шайца дика хир вуй те аьлла хаттийтархьама. Цара цигахь динан дайшка а, пайхамаршка а хаттар дира: «Дуккха а шерашкахь тхаьш ма-дарра, делха а, пхоьалгІачу баттахь марханаш кхаба а дезий те оха?» – аьлла. Цу сохьта стигалахь Адамийн КІентан тамашийна билгало гучуер ю. Дуьнен чуьра массо а къаьмнаш гІайгІане хир ду. Стигаларчу мархашна тІехула схьавогІуш Адамийн КІант гур ву царна, Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а гучуваьлла волу. Элъякъим Мелин, Мели Минадин, Минади Маттетан, Маттет Натин, Ната Даудан, Хьажал, Иза мархашца охьавуссур ву, тІаккха массарна гур а ву Иза, ур-атталла Цунах гоьмукъ чекхбаьккхинчарна а тІехь. Лаьттарчу дерриге а тукхамаша белхар дийр ду Цунах. Иза иштта билггал хир а ма ду! Амин!
Выбор основного перевода