Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Ткъа хьан лай волчух лаьцна харцдерг дийцира цо сан паччахь волчу эле. Амма сан паччахь волу эла Делан малик санна ву. Хьайна нийса хеттарг де. Стигалийн гуламан декъашхойл дукха лах ца дина Ахь адам, сийлаллин таж а делла, вазвина Ахь иза. Ас элира: „Шу деланаш ду, Веза Воккхачун кІентий а ду шу дерриш а“. Цийонехь Іаш волчо цхьаммо а эр дац: «Со цомгуш ву». Цигахь бехаш болчеран массеран а къиношна гечдина хир ду. Амма Везачу Эле хьоьжуш болчара шайн ницкъ карлабоккху. Аьрзунан тІемаш шайн хилча санна, уьш лакхахь оьхуш хир бу. Бевдча а, уьш хІуттур бац, новкъа дІабахача а, уьш кІадлур бац. КІезигчух эзар адам схьадер ду, уггар гІийлачух – онда халкъ. Со ву Веза Эла. Шен хеннахь Ас сихдийр ду иза хилийта». Со бахьана долуш воккха ма ве, сан мостагІа! Со охьавоьжнехь а, хьалагІоттур ву. Со боданехь велахь а, Веза Эла суна серло ю. Веза Эла царна тІехула гучувер ву. Ткъес санна, хецалур ду Цуьнан Іад. Хьалдолчу Эло коьман маІа екор ю, Иза къилберачу дарцашца дІаволалур ву. Массо а ницкъийн Везачу Эло ларбийр бу уьш. Цара шайн мостагІий дІакхоллур бу, церан ширдолагийн тІулгаш а хьоьшур ду. Муьйлур ду цара, гІовгІанаш а йийр ю, чагІаро бахийча санна. Уьш бузур бу, сагІин кад санна, сагІа доккхучу кхерчан сенаш санна.
Выбор основного перевода