Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Юши-ЯхІус паччахьалла дечу хенахь Мисар-мехкан паччахь волу Наху-пирІун Эпрат-хин йисте вахана хилла, Ашур-мехкан паччахьна гІо дархьама. Юши-ЯхІу-паччахь пирІунна дуьхьал тІом бан аравелла хилла. Ткъа пирІуно, МагІидда-гІалахь шена Юши-ЯхІу гича, иза вийна. Амма Юши-ЯхІус, иза волчуьра дІаваха дагахь а воцуш, шен духарш хийцарца ша мила ву къайладаьккхира, цунна дуьхьал тІом бархьама. Делан омрица Нахус аьллачу дешнашка ла а ца дугІуш, Юши-ЯхІу МагІидда олучу аренга веара тІом бан дагахь. Мисархоша Юши-ЯхІу-паччахьна тІе пхерчий кхиссира. ТІаккха Паччахьо шен хьаькамашка элира: «ДІавигалаш со кхузара, хІунда аьлча суна чІогІа чов хилла». ГІудалкх чуьра схьа а ваьккхина, цуьнан долахь йолчу кхечу гІудалкхана чу виллира цара Юши-ЯхІу. Иза Ярушалайме дІавигира. Цигахь Юши-ЯхІу велира, иза шен дайн къуббанашкахь дІавоьллира. ЯхІуд-мехкан а, Ярушалайм-гІалин а дерриг а халкъо белхар хІоттийнера Юши-ЯхІуна. Ярми-ЯхІу-пайхамаро тийжамаш дІаязбира Юши-ЯхІуна лерина. Назманаш олучу наха а, зударша а тахханалц а долчу шайн тийжарийн назманашкахь Юши-ЯхІух лаьцна олу. И назманаш Исраил-махкахь ламасташ юкъа дахийтира. Уьш Тийжамийн тептарна юкъа яхийтина ю.
Выбор основного перевода