Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Ерихонна уллохь волчу хенахь ЮшаІана гира шена хьалха лаьтта цхьа стаг. Цу стеган карахь баттара даьккхина тур дара. ЮшаІа, тІе а вахана, хаьттира цуьнга: «Хьо тхайниг ву я тхан мостагІех ву?» – аьлла. Хьалхарчу гІудалкхахь расха говраш ю, шолгІачу гІудалкхахь Іаьржа говраш ю, кхозлагІчу гІудалкхахь кІайн говраш ю, ткъа йоьалгІачу гІудалкхахь сира говраш ю. Уьш ерриш а онда говраш ю. Сайга дистхуьлучу малике къамел дІа а долош, ас элира: «Сан олахо, иза хІун ду?» Малико соьга жоп делира: «Уьш стигалара арабуьйлу биъ мох бу, дерриге а дуьненан Олахочунна хьалха дІахІиттинчул тІаьхьа араболуш болу». Іаьржа говраш шайгахь йолу гІудалкх къилбаседерчу махкахьа арайолуш ю, кІайн говраш малхбузехьа йовлуш ю, ткъа сира говраш къилбехьа йоьдуш ю. Онда говраш, араевлча, лаьтта тІехула чекхйовла лууш яра. Малико элира: «Чекхйовла лаьттах». Уьш лаьттах чекх а евлира, цара тергам а бира. ТІаккха, со дІа а кхайкхина, цо элира: «Хьажал, къилбаседерчу лаьтта тІе араевллачу говраша цигахь хилла йолу Сан дералла дІаяьккхина». ТІаккха расха болу кхин дин арабелира. Цу тІе хиъна волчунна бакъо елира Лаьттара машар бохо а, адамашка вовшийн дайийта а. Оцу беречуьнга доккха тур делира. Суна гира дІаеллаелла стигал. Цигахь лаьтташ кІайн дин бара. Цу тІе хиъна Волчух тешаме Верг а, билггал волу бакъ Верг а олу. Цо кхел яр а, тІом бар а нийсонца леладо.
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Выбор основного перевода