Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ДІасабаьржина болу исраилхой схьагулбеш волчу Хьалдолчу Эло боху: «Гулбинчарна тІе кхин а гулбийр бу Ас». Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, – боху Везачу Эло, – ма къахка, Исраилан халкъ. Аса хьо генарчу махках кІелхьар а доккхур ду, шаьш йийсаре дІадигначу махкара хьан тІаьхьенаш паргІат а йохур ю. Якъубан тІаьхье юхайоьрзур ю, уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу. Шуна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац, Дохалла дустаран тІийраг Сонерачу кевнна тІера ГІарабан гуна тІе а кхочий, ГуІа-метте дІайоьрзур ю. Ас сайн бІаьргаш юха а хьалахьажийча, суна хІара гира: шен карахь латта дусту тІийраг йолу цхьа стаг вара лаьтташ. Ас хаьттира: «Хьо стенга воьду?» – аьлла. Цо жоп делира: «Ярушалайм-гІала юста воьду, цуьнан шоралла а, йохалла а мел ю хаархьама». «Йоккхае, самукъане хила, Цийонан йоІ! ХІунда аьлча Со, дІа а веана, шуна юкъахь вехар ву, – боху Везачу Эло. – «Кху Делан цІийнан бух Зурбабелан куьйгаша дІахІоттийна, цуьнан куьйгаша хІара цІа чекх а доккхур ду. ТІаккха Зурбабел волчу хьуна хуур ду массо а ницкъийн Везачу Эло Закри-ЯхІу-пайхамар хьан халкъана тІе ваийтинийла. КІеззиг болх бен ца болийна де хьанна дегаза хетар ду те? Зурбабелан карахь санисбийриг шайна гича, нах самукъадаьлла хир бу. Ткъа хІокху ворхІ чиркхах лаьцна аьлча, уьш Везачу Элан бІаьргаш бу, массо а лаьттахула хьоьжуш болу». Везачу Эло иштта боху: „Цийон-лома тІе юха а вирзина, Со Ярушалаймехь вехар ву. Ярушалаймах тешаме гІала эр ду, ткъа массо а ницкъийн Везачу Элан ломах – беза лам эр ду“.
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Выбор основного перевода