Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Везачу Эло Якъубан тІаьхьенах къинхетам бийр бу, Исраилан халкъ юха а Шен халкъ санна схьакъастор ду Цо. Шайн лаьтта тІехь исраилхой баха ховшор бу Цо. Кхечу къаьмнех болу нах царах дІакхетар бу, Якъубан тІаьхьенах хотталур бу уьш. «Синтем луо, синтем луо Сан халкъана, – боху шун Дала. – ДІаала Ярушалайме эсала, дІахаийта цуьнан халкъе, бала хьегна шераш чекхдевлла хилар, цуьнан къинойх мах дІабелла хилар. Везачу Элан куьйгах шалха таІзар тІеэцна цо дерриг а шен къинойх». Иштта Везачу Эло Цийонан догъоьцур ду, цуьнан херцораш юкъахь болчарна синтем а лур бу. Цуьнан яьсса аренаш Іедан-беш санна йийр ю, цуьнан эрна аренаш Везачу Элан беш санна йийр ю. Самукъадалар а, хазахетар а хир ду цигахь, баркаллаш бохур ду, эшарш а лоькхур ю. Везачу Эло ЯхІудан халкъ Шен дола доккхур ду, и халкъ дезачу лаьтта тІера Шен дакъа долу дела, ткъа Ярушалайм-гІала юха а къастийна хир ю». Везачу Эло элира шайтІане: «Ва шайтІа! Везачу Эло дистхилар доьхкийла хьуна! Ярушалайм-гІала хаьржинчу Везачу Эло доьхкийла хьуна! ЦІерана юкъара схьакхоьссина йолу яьгна дечиг-м яц те и стаг?»
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Выбор основного перевода