Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Шен халкъах а, Шен хІусамах а Шена къахета Дела, церан дайн Дела волчу Везачу Эло юх-юха Шен геланчаш бохуьйтура царна тІе. Амма, Делан дешнех а ца бешаш, Цуьнан пайхамарех а кхаьрдаш, цара Дала бахкийтинарш юьхьІаьржачу хІиттабора, Шен халкъана дуьхьал йолу Делан дералла юха ца ерззал чІогІа алсам а йоккхуш. Уьш шайн дайх тера хир бацара, аьрха а, муьтІахь боцуш а, шайн дегнашца Делах ца тешаш а, шайн синца Цунна тешаме боцуш а. Везачу Эло элира: «Шуна тІе гІаролхой хІиттийра Аса. Коьман маІаца орца даккхаре ладогІа элира Аса шуьга. Амма аша жоп делира: „ЛадугІур дац!“ – аьлла. Мисар-махкара Аса шун дай арабаьхначу хенахь дуьйна, хІара де тІекхаччалц Аса шун дайшка юх-юха а дІахьедар дора: ‘ЛадогІа Соьга’, – бохуш. Амма шун дайша Соьга ла а ца дугІура, Со тергал а ца вора. Мелхо а, шайн вочу дегнийн аьрхалле хьаьжжина лелара уьш. Аса царна тІедиллина и барт кхочушбе аьлла, амма цара иза кхочуш ца дина. Цундела Аса массо а хІокху бертан таІзарш царна тІехьажийра“». Шамран-гІалане жоп доьхур ду, иза шен Далла дуьхьалъяьлла дела. Шамранхой туьро эгор бу. Церан бераш хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу». Амма Сан тидам бан ца лаьара царна, Сох дІабоьрзура уьш, шайн лергаш дІакъовлура цара, Со шайна ца хазийта.
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Выбор основного перевода