Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Цу хенахь Хьагай-пайхамар а, иштта Іидун кІант Закри-ЯхІу-пайхамар а Исраилан халкъан Делан цІарах ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а болчу яхІудхошка Делера болу хаамаш бан волавелира. ЯхІудхойн тхьамданаша Делан цІа даран балха тІехь кхиамаш бохура, Хьагайс а, Іидун кІант волчу Закри-ЯхІус а Делера болчу хаамашкахула уьш иракара а хІиттош. Цара Исраилан Дела волчун лаамца, Парси-мехкан паччахьаша Къуреша а, Дари-Вашас а, иштта Артахь-Шаштас а ма-аллара кхочушдора шайна тІедиллинарг. Іиду, ГІинтуй, Аби-ЯхІу, Іидун доьзалехь лакхарниг Закри-ЯхІу хилла. ГІинтунин доьзалехь лакхарниг Машулим хилла. Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгІачу шеран, йолхалгІачу беттан, хьалхарчу дийнахь Хьагай-пайхамарехула Везачу Элан хаам кхечира. И хаам ЯхІуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кІанте Зурбабелна а, коьрта динан да волчу ЯхІу-ЦІадакъан кІанте ЮшаІана а лерина бара. ВорхІалгІачу беттан ткъе хьалхарчу дийнахь Хьагай-пайхамарехула Везачу Элера хІара хаам кхечира: Дари-Вашас паччахьалла дечу шолгІачу шеран уьссалгІачу беттан ткъе доьалгІачу дийнахь Хьагай-пайхамаре Везачу Элера хаам кхечира.
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Выбор основного перевода