Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
БІаьргаш хьалахьажийча, суна хІара сурт гира: хин йистехь лаьтташ цхьа ка бара, цуьнан ши маІа яра. Ший а маІа йоккха яра, амма цхьа маІа вукхул йоккхо а яра, и йоккха маІа тІаьхьа хьалаяьлла а яра. Цу коьмо малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а маІаш Іуьттура. Цхьанна а экхане цунна дуьхьало ца ялора, цхьа а цунах кІелхьара а ца далалора. Цо шена луъург а дора, кураллаш а йора. Со цу белхан ойла еш волчу хенахь, малхбузехьара, сов сиха ярна, лаьттах ког а ца кхеташ, цхьа бож яра йогІуш. Цу божан шина бІаьрга юккъехь схьакъаьсташ гуш цхьа маІа яра. Хин йистехь суна гиначу ши маІа йолчу коьмана шен чІогІачу дераллица чухьаьдира и бож. КхидІа суна гира цу божо, дар а елла, цу коьмана тІе а кхетта, цунах лата а летта, иза эшош. Цуьнан ши маІа йохийра цо. Цу коьман ницкъ ца тоьира божана дуьхьал лата. Цу божо, тоьхна лаьтта а божийна, хьаьшна дІабахийтира ка. Вацар-кх цхьа а и ка цу божан карара кІелхьарбаккхалур волуш. Циггахь бож чІогІа кураелира, амма иза чІагІъелла дІахІоьттича, цуьнан йоккхаха йолу маІа кагъелира. Цуьнан метта, стигалара мох хьоькхучу еа а агІор а йирзина, йиъ маІа тІеелира. Царах йолчу цхьана маІана тІе кхин цхьа жима маІа елира. Иза къилбехьа а, малхбалехьа а, «къаьсттина хазачу махкахьа» а чІогІа дІасаяьржира. Стигаларчу ницкъашна тІелаттал чІагІ а елла, стигаларчу ницкъийн а, седарчийн а цхьадолу дакъа лаьтта охьа а дожийна, хьийшира цо.
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Выбор основного перевода