Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Хьо гІоттур ву, Ахьа Цийонах къинхетам бийр бу, цуьнца дика хила еза зама тІееана дела. Билгалъяьккхина хан тІе ма еана. Дерриг а хІара латта яьсса, инзаре меттиг хилла дІахІуттур ду, ткъа кхузарчу къаьмнаша Бавелан паччахьан йийсарехь кхузткъе итт шо доккхур ду. Кхузткъе итт шо дІадаьллачул тІаьхьа Аса Бавелан паччахьна а, цуьнан къомана а таІзар дийр ду, цара летийна къинош бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – Хашадхойн мохк гуттаренна а бассор бу Аса. Цо паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь Делан Йозанаш толлуш хьесап дича, со, Даниал, Везачу Эло Ярми-ЯхІу-пайхамаре Ярушалайм-гІала кхузткъе итт шарахь бохам хилла лаьттар ю аьллачу хенах кхийтира. Веза Эла, ас орца мел дохур ду те – Хьуна дІа а ца хезаш, ас цІогІа мел хьоькхур ду те – къизалла ечух Ахь кІелхьар а ца воккхуш?
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Выбор основного перевода