Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Исраилхой, шаьш сел чІогІа дуьхьалдевллачу Далла тІе юхадерза! Суна тІедерза, тІаккха кІелхьардевр ду шу, дуьненан массо а маьІІера адамаш! Со Дела ву. Со воцург, кхин дела вац. ДІа а гІой, къилбаседехьа хІара Сан дешнаш дІакхайкхаде, Ярми-ЯхІу: „Юхадерза, тешаме доцу ЯхІудан халкъ! – боху Везачу Эло. – Хьуна дарлур вац Со къинхетаме волу дела, – боху Везачу Эло. – Со массо а хенахь шуна оьгІазвахана а хир вац. Везачу Эло боху: «Со волчу юхадерза, Сох дІадирзинарш! Сайх дІакъастаран цамгарх Аса дарба дийр ду шуна. Ала Соьга: „Тхо Хьо волчу дІадогІу, Хьо тхан Веза Дела волу дела. Цундела Ас кхел йийр ю шуна, исраилхой. Ас хІора стагана, цуьнан леларе хьаьжжина, кхел йийр ю. – Иштта элира Хьалдолчу Эло. – Цундела, Со волчу юха а дерзий, шаьш мел лелош йолчу харцонашна тІера дІадовла! Къа бахьана долуш шаьш гал ма дийлийта. Ахьа цаьрга ала деза: „Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, – боху Хьалдолчу Эло, – зуламечу нахана Іожалла тІеярах Суна там ца хуьлу. Мелхо а, Суна лаьара уьш, шайн зуламечу некъашкара дІа а бевлла, бехийла. Юхадерза! Юхадерзахьа хьайн вочу некъа тІера! ХІунда хуьлу хьо хІаллак, Исраилан халкъ?“ Исраилан халкъ! Юхадерзахьа хьайн Везачу Далла тІе! Хьан къиноша ма галдалийтина-кх хьо. Амма Везачу Эло хІинца а боху: «ТІедерза Суна цІеначу даггара шаьш кхобучу мархица, дечу белхарца, тийжарца. Хьо юха а хир ву тхоьца къинхетаме. Ахьа тхан харцонаш, хьаьшна, дІашарйийр ю, Ахь кІорггачу хІорда чу кхуьссур ду тхан массо а къинош. Шайн дай баьхначу заманахь дуьйна Сан парзаш тІера дІадирзина шу, аша уьш лар ца дина. Суна тІедерза, тІаккха Со а шуьгахьа воьрзур ву, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Амма аша хотту: „Муха тІедерза тхо?“ – олий. Далла улло гІо, Иза а шуна улло вогІур ву. Къинош летийнарш, шайн куьйгаш дила, шалхончаш, шайн дегнаш цІанде.
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Выбор основного перевода