Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло Мусага элира: «Шена чохь доьналлин са долуш волчу Нунин кІантана ЮшаІана хьайн куьйгаш тІедахка. Иза, динан дена ЭлиІазарна хьалха а, дерриге а халкъана хьалха а дІа а хІоттавай, царна хьалха урхаллин гІуллакх дарна къобалве. Хьайн олаллин дакъа ло цунна, Исраилан дерриге а халкъ цунна муьтІахь хилийтархьама. ЮшаІана тІе шен куьйгаш а дехкина, иза къобалвира Мусас, Везачу Эло шена тІедиллина ма-хиллара. Хьан гІоьнча волу Нунин кІант ЮшаІ вер ву оцу лаьтта тІе. Иза тІечІагІве, хІунда аьлча Исраилан къоме оцу лаьттан дола дойтур ду цо“. Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла Ша гІур ву. Цо хІара халкъаш шун юьхь-дуьхьалара хІаллакдина дІадохур ду, тІаккха аша церан латтанаш шайн дола дохур ду. ЮшаІ, Везачу Эло ма-аллара, шуна хьалхаваьлла гІур ву. ЮшаІ берриге а исраилхошна хьалха шена тІе а кхайкхийна, Муса цуьнга иштта вистхилира: «ЧІагІ а ло, доьналла долуш а хила, хІунда аьлча оцу халкъан Везачу Эло церан дайшна лур ду аьлла чІагІо йинчу лаьтта тІе хьо хьалха вер ву, ткъа ахь оцу халкъе и латта шен дола доккхуьйтур ду.
Выбор основного перевода