Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь? Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а, инзаре хІуманаш кхуллург а мила ву? Дагадаийта шайна, со шун берашка вистхуьлуш воцийла. Царна хиъна а дац Везачу Дала шу нисдинийла, царна гина а дац Цуьнан возалла, Цуьнан онда куьг, Цуьнан схьакховдийна пхьарс, Хьоьца ду, Веза Эла, возалла а, нуьцкъалалла а, сийлалла а, толам а, инзаре хазалла а. Стигалшкахь а, лаьттахь а мел дерг Хьан ду. Хьан ду, Веза Эла, паччахьалла а. Хьо ву массо а хІуманан Коьртаниг. Деланашна юкъахь Хьо саннарг вац, Хьалдолу Эла, Хьайнаш санна гІуллакхаш а дац.
Выбор основного перевода