Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элана хьалха тхо, тІамана кийча а долуш, Йордан-хил дехьадевр ду, амма тхуна кхочун долу лаьттан дакъош Йордан-хина кху агІор хир ду». Мусас дІаелира гадахошна а, раабанхошна а, Юсупан кІентан Маннашан ахтайпанна а эмархойн паччахь хилла волчу Сихьонан пачхьалкх а, Башанан паччахь хилла волчу ІовгІин пачхьалкх а – берриге а и мохк а, цунна тІехь йолу гІаланаш а, гІаланашна гонах долу латтанаш а. Гадахоша юхаметтахІиттийра иштта гІаланаш: Дибон, Іатрут, ІаруІер, Іатрут-Шупан, ЯІзир, ЙогІбахІа, Байт-Нимра, Байт-ХІаран. Царах гадахоша чІагІйина гІаланаш йира. Иштта шайн жашна гІотанаш а йира цара. Раабанхоша юхаметтахІиттийра Хьешбон, ЭлиІала, Кхиръятим, иштта Набу а, БаІал-МаІун а (тІаьхьо церан цІераш хийцинера), иштта Сибма-гІала а. Шаьш юхаметтахІиттийначу гІаланашна цІераш техкира цара. Арнон-хин тогІин йистера йолчу ІаруІер-гІалара ГалІад-гІала дІакхаччалц йолу цхьа а гІала ца йисира вайга схьа ца яккхалуш. И дерриг а вайн кара схьаделира вайн Везачу Дала. Раабанан а, Гадин а тІаьхьенаша а, Маннашан ах тІаьхьено а Йорданал дехьа, малхбалехьа, шайн лаьттан дакъош Везачу Элан ялхо волчу Мусагара хьалха схьаэцнера. Арнон-тогІина йистехь йолчу ІаруІер-гІалина тІера цу тогІина чохь йолчу гІалина тІекхаччалц долу латта а, Мейдебана тІера Дибонна тІекхаччалц йолу шера аре а церан яра. Ткъа иштта эмархойн паччахьан Сихьонан ерриг а гІаланаш а царна дІаеллера. Хьешбон-гІалахь паччахьалла деш Іийнера Сихьон, цуьнан латта Іамминхойн дозанна тІекхаччалц Іуьллуш дара. Цул сов, ГалІад-мохк а, гешурхойн а, маІхахойн а латтанаш а, Хьермон-лам а, Салха-гІалина тІекхаччалц болу Башан-мохк а, Башан-махкахь йолчу Іаштаратехь а, ЭдреІехь а паччахьалла динчу ІовгІин дерриг латта а дІаделлера царна. Мусас хІаллакбинчу а, лаьхкинчу а репахойн тІаьххьара виснарг вара иза. Амма исраилхоша Гешур а, МаІха а мехкашкара бахархой дІа ца лаьхкира. Таханлерчу дийне кхаччалц исраилхошна юкъахь Іаш бу уьш.
Выбор основного перевода