Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун зударий а, бераш а, даьхни а Мусас Йордан-хил дехьа шуна деллачу лаьтта тІехь совца, ткъа массо а тІом балуш волчо, герзаца шайн вежаршна тІе а гІой, гІо де царна. Везачу Эло, шун санна, шун вежарийн а сатедаллалц, цара а шун Везачу Дала гуттаренна а царна луш долу латта схьаэццалц, гІо де царна. ТІаккха, юха а дерзий, шайна Везачу Элан ялхочо Мусас Йордан-хил дехьа, малхбалехьа, деллачу лаьттан дола де». ХІинца Везачу Эло, шун Дала, синтем белла шун вежаршна, Ша цаьрга ма-аллара. ХІинца, Везачу Элан ялхочо Мусас Йорданал дехьа шайна деллачу латтанаш тІе дІа а гІой, шайн четарш чу юхадерза.
Выбор основного перевода