Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДейтталгІачу шарахь Кедирал-Іумар а, цуьнца болу паччахьаш а тІамца царна дуьхьал а бевлла, Іаштерот-Кхарнаимехь репаш цІе йолу къам а, Хьамехь зузамхой а, Шаве-Кхиръятимехь эймимахой а, Іаьнакхахой санна, уьш а репахой лорура, ткъа муабахоша царах эймимахой олуш хилла. (И латта репахойн лоруш дара, мацах цигахь репахой баьхна дела. Іамминхоша царах замзумхой олура. Йоаб Іамминхойн Рабба-гІалина дуьхьал тІом беш вара. Цуьнан паччахьан гІап схьаяьккхира цо. Зама тІекхочур ю, – боху Везачу Эло, – Іаммин-махкарчу Рабба-гІалин нахана Аса тІеман орца даккхар хозуьйтуш йолу. Оцу гІаланах къапалгийн барз хир бу, цунна гонах йолу ярташ а цІерца хІаллакйийр ю. Цара исраилхой шайн гІаланашкара дІабахийтира, амма исраилхоша Іамминхой цигара дІалохкур бу, – боху Везачу Эло. Аса баган-дитт санна, лекха волу а, наж санна, онда волу а эмархо шун дуьхьа хІаллаквина. Ас церан лакха тІера стом а, лахара орам а хІаллакбина.
Выбор основного перевода