Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шипам-гІалина тІера, Іейн-гІалина малхбалехь йолчу Рабила-гІалина тІекхочур ду и доза. Цигара дІа иза Канарот-Іоман малхбалерчу бердашкахула чекхдер ду. Царна чу йогІура Йордан-хина малхбалехьа йолу Іариба-тогІи, Пасга-ломан кІажехь болчу Іариба-хІордана тІекхаччалц. Ткъа иштта цо паччахьалла деш Іариба-тогІи чуьра малхбалехьа долу латта а дара, Канарот-Іома тІера Дуьрачу хІорда тІекхаччалц долу. Кхин а Байт-Яшимутана тІера къилбехьа Пасги-лома тІекхаччалц а дара цуьнан латта. Йордан-тогІи чохь йолу гІаланаш: Байт-ХІарам а, Байт-Нимра а, Сакхат а, Цапун а. Цул сов, Хьешбонан паччахьан Сихьонан пачхьалкхан кхин долу дакъа (иза Йордан-тогІин малхбалехьа долу латта ду, Канарот-Іомана тІекхаччалц долу).
Выбор основного перевода