Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул сов, ГалІад-мохк а, гешурхойн а, маІхахойн а латтанаш а, Хьермон-лам а, Салха-гІалина тІекхаччалц болу Башан-мохк а, Башан-махкахь йолчу Іаштаратехь а, ЭдреІехь а паччахьалла динчу ІовгІин дерриг латта а дІаделлера царна. Мусас хІаллакбинчу а, лаьхкинчу а репахойн тІаьххьара виснарг вара иза. Цул сов, шерачу арахь йолу ерриг гІаланаш а, Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахьан Сихьонан берриг мохк а. Мусас хІаллаквинера и паччахь а, маданхойн баьччанаш а: Ивай а, Рекхам а, Цура а, Хьор а, РебаІ а. Цу махкахь Іийна болу а, Сихьонца бертахь хилла болу а элий бара уьш.
Выбор основного перевода