Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде. Иштта, хьайн арара болх дІаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде. Дуьххьарлера ялта схьаэцаран „ШавуІот“ цІе йолу деза де а, шо чекхдолуш ялта чудерзоран деза де а лара. «Везачу Элана хьалха хьалаайа шаьш цІов баьхьначу шоьтан де чекхдаьллачу шолгІачу денна тІера дуьззина ворхІ кІира дагарде. «Дуьххьарлера ялта схьаэцаран де долчу, ШавуІот цІе йолчу дезачу дийнахь, шайн керлачу ялтих Везачу Элана лерина кІен сагІа шаьш даьккхича, аша беза гулам дІахІоттабе, ткъа вукху деношкахь санна болу болх ма бе.
Выбор основного перевода