Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигахь шайн Везачу Далла хьалха яа а яа, иштта шу а, шун доьзалш а шайн куьйгашца шаьш дина долчу массо а хІуманах а, шайн Везачу Дала шу декъалдарх а самукъадолуш а хила. Цигахь самукъане даккхийде шайн Везачу Далла хьалха – шу а, шун кІентий а, шун йоІарий а, шун леш а, гІарбашаш а, иштта шайн гІаланашкахь Іаш болу левихой а (шуна санна царна лаьттан дакъа ца кхочу, церан долахь латта хир дац). Амма иза шун Везачу Далла хьалха бен ма яалаш, шун Везачу Дала схьакъастор йолчу меттехь – аша а, шун кІенташа а, шун мехкарша а, шун леша а, шун гІарбашаша а, шун гІаланашкахь Іаш волчу левихоша а. Даккхийде шайн Везачу Далла хьалха шун куьйгаша мел динарг бахьана долуш.
Выбор основного перевода