Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шарахь кхузза Суна лерина деза денош хилийта. Совсазчу баьпкан дезде ларде: Ас хьайна тІе-ма-диллара, ворхІ дийнахь совсаза бепиг даа Авив беттан билггалчу хенахь, хІунда аьлча цу хенахь шу Мисарара арадевлла. СагІа даккхаза цхьа а Суна хьалха ма хІотта. Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде. Иштта, хьайн арара болх дІаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде. ХІора шарахь, оцу кхаа дезачу дийнахь, берриг а божарий Хьалдолчу Элана хьалха хІитта беза. Хьалха хилла йолу вир, цуьнан метта Іахар а белла, паргІатъяккха. Ткъа айхьа иза паргІат ца яккхахь, виран ворта кагъе. Хьайн дуьххьара хиллачу кІентех а мах ло. Цхьа а Суна дуьхьал ма вола, карахь совгІат а доцуш. Шарахь кхузза берриг а божарий Хьалдолчу Элана, Исраилан халкъан Далла, хьалха хІитта беза.
Выбор основного перевода