Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуккха а нахана тІаьхьа а хІоттий, вониг ма де. Кхел ечохь дукхахболчара дуьйцучо ахь до тоьшалла харцахьа ма дерзийта. Кхаьънаш ма эца, хІунда аьлча цара са гуш верг бІаьрзе во, бакъболчеран гІуллакх талхадо. Кхел нийса е, къечуьнга озабезам а ма бе, хьалдолчух а ма кхера. Нийсонца кхел е хьайн уллорачунна. Кхел ечохь озабезамаш ма бе, лараме боцучара а, цІеяханчара а бохучун тергам бе. Муьлххачу а адамах ма озало, хІунда аьлча кхел – Делан гІуллакх ду. Кхел ян шайна хала хета гІуллакх суна тІе схьада, ас ладугІур ду цуьнга“. ТІевеанчунна а, бона а нийса кхелъяр ма талхаделаш, ткъа йисинчу зудчун тІехулара бедар закъалтана схьа а ма эцалаш. „НеІалт хуьлда тІевеанчунна а, я бона а, я йисинчу зудчунна а нийса кхелъяр талхош волчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ хІунда аьлча Суна хууш ду аша мел дукха зуламаш дина, мел деза ду шун къинош. Шу бакъволчун мостагІий ду. Кхаьънаш а ийдеш, мискачеран гІуллакхаш галдоху аша кхел ечохь.
Выбор основного перевода