Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вуьшта-м, шу мел дехачу гІаланашкахь шайн бежанашна урс хьакха мегар ду шуна. Шун Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина, церан жижиг даа мегар ду шуна. Далла хьалха цІена волчунна а, цІена воцчунна а даа мегар ду иза, масаран а, сен а жижиг санна. Иштта хІора уьстагІца кІен сагІина цхьацца мазал кІа а дан деза, ткъа хІора Іахарца кхин а шен дан йиш йолччул кІа а дан деза, цу тІе хІора мазал кІеца цхьа хІин зайтдаьтта а дан деза. Нагахь цхьаъ шен хІума дІадала доггах лаам болуш велахь, Дала иза, цуьнан дала йолчу тароне хьаьжжина, тІеоьцур ду, дала таро йоцург ца хьехош.
Выбор основного перевода