Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде. Иштта, хьайн арара болх дІаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде. «ДІаала исраилхошка: „Оццу ворхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь дуьйна ворхІ де Везачу Элана лерина хилийта. Адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош де царах. ВорхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь дуьйна, шаьш ялта схьагулдина девлча, ворхІ дийнахь Везачу Элана лерина деза денош дазде, хьалхарчу а, бархІалгІачу а дийнахь са а доІуш. Хьалхарчу дийнахь тоьлла стоьмаш а, хурма-диттан а, шуьйра гІаш долчу диттан а, хина уллохь кхуьучу дак-диттан а гаьннаш схьа а эций, шайн Везачу Далла хьалха ворхІ дийнахь самукъадаккха. ХІора шарахь ворхІ дийнахь Везачу Элана лерина дазде и деза денош. Иза шун тІаьхьенашна гуттаренна а тІедуьллуш ду. ВорхІалгІачу баттахь дазде и деза денош. Кхалораш кІелахь Іе ворхІ дийнахь. Исраилан махкахь дина долу муьлхха а стаг а, зуда а кхалор кІелахь Іен деза.
Выбор основного перевода