Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан сагІа доккху меттигаш а, Іибадат дан хІиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бІогІамаш хадабай, дІабаха. Со воцург, кхин Дела ма хилийта шайн. Хино лестош болу эрз санна хилла, дІахІоттор ду Везачу Эло Исраилан халкъ Шен таІзарца. Ша исраилхойн дайшна деллачу токхечу лаьтта тІера орамашца бухдоккхур ду Везачу Эло и халкъ. Оцу халкъо, Веза Эла дарвеш, шайна Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш дІахІитторна, Эпрат-хил дехьа а даьккхина, дІасадаржор ду иза. Иштта, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бІогІам а дІахІоттийра Ахьаба. Шел хьалха хиллачу исраилхойн массо паччахьел а тІехвелира иза Исраилан халкъан Веза Дела оьгІазвохуьйту гІуллакхаш дарна тІехь. Амма ЯрбаІаман цІийно исраилхошка летадайтинчу къиношна тІера дІа ца бирзира уьш. Цара и къинош кхидІа а летадора. Ткъа цара дела санна лоручу цІу-зудчунна Ашерана лерина болу дечиган бІогІам Шамран-гІалахь кхидІа а лаьтташ бара. Шен дас Хьузакх-ЯхІус дохийна дІадаьхна долу сагІа доккху гунаш юхаметтахІиттийра цо. Иштта цо, исраилхойн паччахь волчу Ахьаба санна, БаІална сагІа доккху меттигаш а кечйора, Ашерана лерина болу дечиган бІогІам а дІахІоттабора. Цо стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Іибадат дора. Шайн куьйгашца кечйинчу сагІа доккхучу меттигашка, гІо а дезаш, хьовсур бац уьш. Иштта уьш тешарца хьовсур бац шайн пІелгашца динчуьнга – Ашера-далла лерина долчу дечиган бІогІамашка а, хаза хьожа йогІу хІума яго кхерчашка а.
Выбор основного перевода