Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Левин тайпанах берш, схьа а гулбай, АхІаронна хьалха дІахІиттабе, цаьрга цунна гІуллакх дайтархьама. АхІарона а, цуьнан кІенташа а Делан четар чуьра езачу хІуманашна тІе кІадеш тасар чекхдаьллачул тІаьхьа, меттамотт дІабоккхучу хенахь, кхахІатхой тІебахкийта уьш дІаяхьа. Амма езачу хІуманех уьш хьакха ма балийта, шаьш ца балийтархьама. Делан четар чуьра и хІуманаш КхахІатан тІаьхьенах болчу наха яхьа еза. Цу тайпана левихой Исраилан халкъах дІакъастабе, уьш Сан долахь хилийтархьама. Цул тІаьхьа левихой болу динан дай тІебахка беза, хІунда аьлча муьлхха а къовсаме долу гІуллакх а, муьлхха а ницкъбар а церан сацамца къасто деза. Уьш шун Везачу Дала къастийна бу Шена гІуллакх дайта а, Везачу Элан цІарах декъалдарш дайта а.
Выбор основного перевода