Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Деланийн Дела ву Веза Эла, Деланийн Дела ву, Цунна хаьа, Исраилан халкъана а хаьийла! Нагахь тхо, дуьхьал а девлла, Везачу Элах дІадоьрзуш делахь, кху дийнахь Цо кхел йойла тхуна! Везачу Эле болчу ларамах дуьзна хуьлийла шу. Шаьш дийриг хІун ду а хьожуш делаш, хІунда аьлча вайн Везачу Делаца яц харцо, я озабезам бар, я кхаьънаш эцар». Ткъа хІинца, тхан Дела, ва сийлахь Дела. Хьо Майраниг а, ларамах дузуьйтуш Верг а, вайна юкъахь болу безаман барт Ларбийриг а ма ву! Хьуна хьалха кІезиг ма хетийла оха а, тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а, тхан динан дайша а, тхан пайхамарша а, тхан дайша а, дерриг а Хьан халкъо а хьоьгуш болу бала. И бала Ашур-махкарчу паччахьашна тІера дуьйна хІара де тІекхаччалц оха хьоьгуш бу. Амма Цо баьччанашка озабезам а ца бо, ткъа хьалдерг къечух а ца къаставо, хІунда аьлча уьш берриш а Цуьнан куьйгаша кхоьллина бу. Баркалла ала деланийн Далла – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Баркалла ала олалла дечеран Везачу Элана – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Паччахьо элира Даниале: «Баккъалла ву шун Дела массо а деланийн Дела а, паччахьийн Олахо а, къайленаш йовзуьйтуш волу, хІунда аьлча хьуна а и къайле Цо йовзийтина дела». Кипа дийца волавелира: «ХІинца хаьа суна Дела билггала озабезам ца беш вуйла. ХІунда аьлча Дала озабезам ца бо цхьаьнгге а. Ярушалаймера тешаш болчу наха лоруш болчара а (уьш хьалха муьлш хиллехь а, суна-м бен а дац, хІунда аьлча Далла хьалха массо а адам цхьаъ а ду) сан хьехамна хІумма а тІе ца туьйхира. Шу а, олахой, шайн лешца иштта лелалаш. Царна кхерамаш ма тийсалаш. Хаалаш, царна тІехь а, шайна тІехь а цхьа Олахо вуйла стигалшкахь, ткъа Цо цхьанна а озабезам ца бо. Цуьнан духар тІехь а, хаьн тІехь а язйина иштта цІе ю: «Паччахьийн а Паччахь, олахойн а Олахо».
Выбор основного перевода