Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Везачу Эло элира: «Ахь аьлларг Ас кхочушдийр ду, хІунда аьлча Со реза ву хьуна, цІарца хьо вовза а вевза Суна». «Везачу Элана суждане а вахана, хьалха санна шовзткъа де-буьйса даьккхира ас. Со юуш а, молуш а вацара, аша летийна къинош бахьана долуш. Уьш а летийна, шайн Везачу Далла хьалха вон а дина аша, Иза оьгІаз а вахийтина аша. Со кхоьрура Везачу Элан оьгІазлонах а, дераллах а, хІунда аьлча шу хІаллакдаллал чІогІа оьгІазваханера Иза. Амма Цо юха а ладуьйгІира соьга. Иштта, Везачу Элана хьалха суждане а вахана, шовзткъа де-буьйса даьккхира ас, хІунда аьлча Везачу Эло аьллера, Ша шу хІаллакдийр ду.
Выбор основного перевода