Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Суна гина и халкъ, ткъа иза аьрха ду. Шун гІаланех саьлнаш йийр ю Ас, аш цІушна Іибадат деш долу цІенош а дассор ду, аш деанчу сагІанех хьожа а йоккхур яц. Хаалаш, шу Делан лаамехь хиларна кара ца доуьйту шуна шун Везачу Дала и беркате латта, хІунда аьлча шу юхахьара халкъ ду». Веза Эла волчу Сан дуьхьа сунтде, ЯхІудан халкъ! Шайн дегнаш тІера пардо дІа а даьккхина, уьш цІан а дина, сунтбина хила, Ярушалайман бахархой! Шу иштта ца лелахь, Сан дералла, цхьаьнгге а сацалур йоцу сийна цІе санна, летар ю, аша мел лелийнарг бахьана долуш».
Выбор основного перевода