Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла сан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа ас назма олу, Цунах суна КІелхьарвоккхург хилла дела. Иза сан Дела ву, Цунна хастам бо ас. Сан ден а Дела ву Иза, цундела ас лору Иза. Ткъа Хьо Везаниг ву, Хьан Іарш Исраилан хастамаш тІехь лаьтташ ю. Цара шаьш кІелхьардаьхна волу Дела вицвинера, Мисар-махкахь тамашийна хІуманаш дина волу, Хьамин тІаьхьенийн лаьтта тІехь Іаламаташ дина волу а, Эрзийн хІорд болчохь ларамах бузуьйту хІуманаш дина волу а. Дарба дехьа суна, Веза Эла, тІаккха со толур вара. КІелхьарваккхахьа со, Веза Эла, со кІелхьарвер вара. Хьо ву аса хастамаш беш Верг.
Выбор основного перевода