Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІорказ чу Ас хьайга лун йолу экъанаш яхка, шуьца Ас бинчу бертан тоьшалла хилийтархьама. НегІар тІорказна тІедилла. ТІорказ чу Ас хьайна лун йолу а, бертан тоьшаллина йолу а экъанаш яхка. Везачу Эло Мусага элира: «Хьалха йиначарах тера а йолуш, тІулган керла экъанаш ага хьайна. Царна тІехь ахьа йохийначу шинна тІехь хилла дешнаш яздийр ду Аса. Кхана Іуьйранна кийча хила. Синай-лам тІе хьала а валий, Суна хьалха хІотта ламанан бохь тІехь. Цо шуна Шеца беш болчу бертан тІедожораш дІакхайкхийра, шайга кхочушдайта итт хьехам шуьга дІа а хоуьйтуш. Везачу Эло уьш тІулган шина экъанна тІе дІаязбира.
Выбор основного перевода