Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Везачу Дала шайна тІедехкинчу некъашца лелалаш, шайна дола дан лун долчу лаьтта тІехь шаьш дийна хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а, шаьш дуккха а дахийтархьама а». И дан деза аша а, шун бераша а, царал тІаьхьа хиндолчу бераша а шайн Везачу Деле ларамах дуьзна шаьш хилийтархьама а, ас шайна тІедохкуш долу дерриг а Цуьнан парзаш а, весеташ а лардайтархьама а, шун дахаран хан яхъялийтархьама а. Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, берриге а ницкъаца а веза. Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила, Цунна бен гІуллакх а ма де, Цуьнан цІарах бен дуйнаш а ма баа. Дерриг а и парзаш кхочушдан а, вайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила а тІедиллира вайна Везачу Эло, массо а заманахь вай дика хилийтархьама а, тахана санна, вай дийна дисийтархьама а. Цундела Ас тахана кхочушдан шайна тІедехкина долу весеташ а, парзаш а, хьехамаш а ларбелаш». Ва адам! ДІахаийтина-кх хьоьга диканиг хІун ду а, Везачу Эло хьоьга хоттун дерг хІун ду а. Иза ду – нийсонца лелар, тешаме хилар дезар, шен кІезигалла а хууш, хьайн Делаца лелар.
Выбор основного перевода