Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза шен Везачу Деле кхайкхира. Цо элира: «Веза Эла! Ницкъболчарна дуьхьалвалархьама гІорасиза волчунна гІо далуш, Хьо воцург, цхьа а вац. Тхан Веза Дела, гІо дехьа тхуна, хІунда аьлча Хьох тешна ма ду тхо, Хьан цІарах хІокху доккхачу эскарна дуьхьалдовлуш долу. Веза Эла! Хьо ву тхан Дела! Цхьа а адам ма тоьлийла Хьол». Сан синна ницкъ а луш, Шен цІеран дуьхьа со нийсачу новкъа воккху Цо. Тхан къиноша тхуна дуьхьал тоьшалла дахь а, ва Веза Эла, Хьайн цІеран дуьхьа гІо дехьа тхуна. Тхан ямарта хилар дукхазза а хилла. Хьуна дуьхьал къинош летийна оха. Веза Эла, Хьайн цІеран дуьхьа, ма таттахьа тхо дІа, Хьайн сийлаллин Іарш сийсаз ма яккхахьа. Тхоьца Ахьа бина болу барт дагахь латта а бехьа, боха а ма бехьа.
Выбор основного перевода