Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхетаме богІур болуш а бац те харцонаш лелош мел берш, шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дІакхоллурш, ткъа Везачу Эле ца кхойкхурш? Хин Іоврех хьоьгуш болу сай санна, сан са а ду Хьох хьоьгуш, Дела! Массо а тІехволучо цунна къола до, шен лулахошна хьалха беламе хилла дІахІоьттина иза. Бепиг санна, чим боу аса, ас молуш мел дерг сан бІаьрхиша дурдина. Хьалдолчу Эло шуна, халкъан нах, бепиг санна, гІайгІа лур ю, ткъа хи санна, гІело лур ю. Делахь а, шуна хьехамаш бийриг кхин лечкъина хир вац. Шайн бІаьргашца иза гур ву шуна. Сайн ялхочун Якъубан дуьхьа, Айса хаьржинчу Исраилан дуьхьа, хьайн цІарца хьо схьакхайкхина Ас, сийлаллин цІе хьуна дІало Ас, хьуна Со вевзаш вацахь а. Со Веза Эла ву, Со воцург, кхин дела вац. Ас хьуна ницкъ лур бу, хьуна Со вевзаш вацахь а. Хьайн дералла охьаІанаехьа Хьо вовзаза долчу къаьмнашна тІе, Хьайга ца кхойкхучу халкъашна тІе. Цара Якъубан тІаьхье дІакхаьллира, цаста а цестина, и къам дІа а кхаьллина, иза Іаш болу мохк бассийна цара. Оцу хенахь шайна Дела вовза ца лиинчарна а, вайн Веза Эла волчу Іийсах болу хаза кхаъ тІе ца эцначарна а дІадоькхур ду Цо.
Выбор основного перевода