Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа а шу, Суна дуьхьал а девлла, Соьга ладугІуш ца хилахь, Айса ден долу таІзар ворхІазза совдоккхур ду Ас аш къинош леторна. Ас, оьгІазаллица шуна дуьхьал а ваьлла, ворхІазза сов таІзар дийр ду шуна аша къинош леторна. Дагадаийтахьа Хьайна мостагІа Хьайх кхардар, Веза Эла, сонтачу цу халкъо Хьан цІе сийсазъяхар. Диц ма дехьа Хьан мостагІаша хьекхна маьхьарий а, Хьуна дуьхьалбевллачара хаддаза еш йолу гІовгІа а. ХІара ду Суна хьалха яздина дерг: „Со вист ца хуьлуш Іийр вац, Ас бекхам бийр бу. Ас дІалур ду царна цара а, церан дайша а летийнчу къиношна доггІуш дерг, – боху Везачу Эло. – Цара лаьмнаш тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягайора, гунаш тІехь Со сийсазвохура. Цара хьалха лелийначу гІуллакхашна доггІург Ас токхур ду царна“». Веза Эла, Ахьа эзарнашкахь болчарна Хьайн хедар боцу безам гойту, амма дайша летийна долу къинош бахьана долуш, церан берашна таІзар до. Хьо сийлахь а, нуьцкъала а Дела ву, Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолуш волу! Нахана оьшург дІало, Дала шуна а лур ду шуна оьшург. Ластийча, дуьзна тІехула оьхучу сахь чохь лур ду шуна догІург. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах».
Выбор основного перевода