Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІа а дигна, Хьайн цІенна хаьржинчу метте охьахаор ду Ахь и халкъ, Веза Эла, Хьайна хІусам Ахь йинчу метте, Хьайн куьйгашца Ахь кхоьллинчу дезачу ЦІийне! Цо Везачу Элан цІа а, паччахьан цІа а, Ярушалаймера массо а цІа а цІе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цІенош дагийра. Оцу хьаькаман куьйгаллехь долчу хашадхойн эскаро Ярушалаймана гонах долу пенаш а дохийра. Хашадхоша Делан цІа дагийра, гІалин гонахара пен а охьабожийра. ГІалахь мел долу паччахьан цІа а дагийра, царна чохь деза мел долу хІума а хІаллакдира цара. Айхьа ширачу заманахь дуьйна дола даьккхина Хьайн халкъ, мах белла паргІатдаьккхина Хьайн тукхам дагадаийтахьа! Хьо тІехь Іаш хилла болу Цийон-лам дагабаийтахьа! Хьан деза цІа дерриг а дагийна цара. Хьан цІе шена чохь йолу меттиг сийсазъяьккхина бевлла уьш. КІеззигчу хенахь бен Хьан халкъан долахь ца хилира Хьан еза меттиг. Ткъа хІинца тхан мостагІаша хьаьшира Хьан деза цІа. «Аса тІулгийн оьла йина дІахІоттор ю Ярушалайм, ткъа цунах чангІалкхийн бен хир бу, – боху Везачу Эло. – ЯхІуд-махкара гІаланаш Ас йохийна яссор ю, цу чохь вехаш цхьа стаг а хир вац». Сан долахь долу къам Суна дуьхьалдаьлла. Хьуьнхахь долчу лоьмо санна, цо Суна дуьхьал гІигІ до. Цундела Суна иза ца деза. «Муршатахо волу Мика-ЯхІу пайхамар хилла яхІудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхІус олалла дечу хенахь. Цо дерриг а ЯхІудан халкъе аьллера: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ‘Цийон-лам, кха санна, охур бу, Ярушалаймах тІулгийн оьла хир ю, Делан цІа тІехь лаьттинчу лам тІе хьун ер ю’. qac Кqac*уьг цунна тІе ма кховдийна буьрсачу мостагІчо, Ярушалайман халкъан мехала мел йолчу хІуманна тІе. Хьан деза долчу цІа чу боьлхуш го цунна кхечу къаьмнех берш. Царах лаьцна Ахь омра ма дина, Хьайн гуламан метте ма дуьйла аьлла. Цундела шу бахьана долуш Цийон-лам, аре санна, охур бу, ткъа Ярушалаймах тІулгийн оьла хир ю, Делан цІа тІехь лаьттинчу лам тІе хьун ер ю.
Выбор основного перевода