Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло ишттачунна гечдийр дац, амма Везачу Элан оьгІазлонан а, дераллин а цІе ер ю ишттачу стагана. Кху тептар тІехь яздина долу дерриге а неІалташ цунна хир ду. Везачу Эло цуьнан цІе а дІайойур ю лаьтта тІера. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Асайпан хьехаме назма. Ва Дела, тхо гуттаренна а дІа хІунда тесна те Ахь? Хьайн жа санна долчу тхуна дар хІунда велла те Хьо? Дукха лаьттар вуй те Хьо, Веза Эла, къайлаваьлла? Дукха лаьттар юй те Хьан оьгІазвахаран алу? Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сайн карзахдаьллачу эмгараллехь Ас элира кхечу къаьмнашна а, Эдомна а дуьхьал, хІунда аьлча цара, шайн дагахь са а къералуш, кхарда а кхаьрдаш, Сан латта шайна дола даккхархьама дІаэцна, цуьнан дежийлаш шайна ижу санна хилийтархьама’“. Иштта, хьежа Соьга, – боху Везачу Эло, – царна дуьхьал тоьшалла дан Со гІоттур волчу дийне хьежа. Ас билгалдаьккхина халкъаш тІегулдар а, пачхьалкхаш тІегулъяр а, Сайн оьгІазалла царна тІе Іанорхьама а, Сайн чІогІа дералла царна тІе хьажорхьама а. Сан эмгараллин цІаро дерриг а латта дІакхоллур ду.
Выбор основного перевода