Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Асайпан хьехаме назма. Ва Дела, тхо гуттаренна а дІа хІунда тесна те Ахь? Хьайн жа санна долчу тхуна дар хІунда велла те Хьо? ХІунда аьлча Иза вайн Дела ву, Цо Іалашдеш долу халкъ ду вай, Цуьнан куьйга кІел долу жа ду. Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, ДІахаалаш, Веза Эла – Дела вуйла. Вай кхоьллинарг Иза ву, вай Цуьнан долахь а ду. Вай Цуьнан халкъ а ду, Цуьнан дежийлашкара уьстагІий а ду. Аса эр ду шуьга Сайн кемсийн бешана Айса ден дерг: цуьнан коканийн керт дІайоккхур ю Аса, тІаккха беш бежанаша яссор ю. Цуьнан пенаш дохор ду аса, тІаккха иза массара а хьоьшур ю. Бешах дассийна латта дийр ду Аса, гаьннаш а хедор дац, охкур а яц, тІаккха цу тІехь коканан а, эртхан а коьллаш евр ю. Мархашна омра дийр ду Аса, беша тІе догІа ма даийта аьлла». Шен нийсонан дуьхьа Везачу Элана лиира, товрат-хьехам айа а, иза хасто а.
Выбор основного перевода