Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Шен юьхь тІера серло шуна лепайойла, Иза шуьца къинхетаме а хуьлийла! Сан дог а дузуш, Ахь суна делла ирс церан чул дукха ма ду, кІа а, чагІар а церан шортта делахь а. Тхан лулахошка емалдайта дІадели Ахь тхо. Тхуна гонах бехаш болчарна беламна а, сийсаздахарна а дІадели Ахь тхо. Дела вайца къинхетаме хуьлийла, Цо вай декъал а дойла, Цо Шен юьхь тІера серло вайна лепайойла, Хьалдолу Эла! Хьайн йоллучу нийсонга хьаьжжина, дІайоккхийла Ахь Хьайн оьгІазалла а, дералла а Хьайн Ярушалайм-гІалина тІера. Иза Хьан гІала а, Ахь базбина лам а ма бу! Оха летийна къинош а, тхан дайн талхар а бахьана долуш, гонах болчара массара а Ярушалайм-гІалин а, Хьан халкъан а сий дайина.
Выбор основного перевода