Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса дечу узарша со гІел а во, дІавуьжу мотт аса сайн бІаьрхишца бус-буса тІун а бо. Сан велхаро со вуьжу мотт а башийна. Коьллашкахь кІело йина Іуьллучу лоьмо санна, къечунна къайлаха кІело йо цо. Шен бой а тосий, къениг дІалоцу цо. qac Сqac*ан бІаьргаш гІелделла ду, Ахь кІелхьарваккхаре хьежарна. Нийсонца Ахь йина чІагІо кхочушъяре хьоьжуш ма ву со. ГІаргІулин а, чІегІардиган а санна дара сан аз. Кхокхано санна, сагатдора ас. Сан бІаьргаш гІийла стигала хьоьжура. Веза Эла, кІелхьарваккхахьа со! Ма баланехь ву-кх со!“
Выбор основного перевода