Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стимаца эдина долу чагІар малийта гІоьртира уьш Іийсага, амма Цо, цунах чам баьккхинчул тІаьхьа, иза ца мелира. Царах цхьаммо, ведда вахана, худург кемсийн къонзи чу а Іоьттина, иза хьокхана буьххье а йоьллина, Іийсага дІакховдийра, Цуьнга малийтархьама. Ткъа цхьаммо ведда, худург кемсийн къонзи чу а Іоьттина, иза хьокхана буьххье а йоьллина, Іийсага кховдийра, и Цуьнга малийтархьама. «Собар дел, хьовсур ду вай, Эли-ЯхІу вогІий те ХІара жІаран тІера дІаваккха», – элира цо. ТІемалой а бара уллохь лаьтташ, бела а боьлуш. Цара Іийсага кемсийн къонза кховдийра: Юххехь лаьтташ кхаба яра, чохь юьззина кемсийн къонза а долуш. ТІаккха тІемалочо, цу кхаби чу худург а Іоьттина, иза ораматан гаьнна тІе а йихкина, Іийсан бете яьхьира.
Выбор основного перевода