Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхерамечу гІу чуьра со хьала а ваьккхина, сацкъаран уьшал чуьра со схьа а озийна, тарха тІе сан когаш Цо дІахІиттийра, ас еш йолу сан гІулчаш Цо чІагІйира. КІоргачу цхьана хино вукху хине Хьан чухчарийн аьзнашца кхайкхамаш бо. Дерриг Хьан хиш а, Хьан тулгІенаш а суна тІехула чекхъевлла. Дистина тІедогІучу хино санна, бухадохуьйтур дара-кх цара вай. Цо элира: «Со гІайгІанехь волуш Везачу Эле кхайкхира ас, тІаккха Везачу Дала суна жоп делира. Эхартара цІогІа туьйхира ас, тІаккха хезира Хьуна, Дела, сан аз.
Выбор основного перевода