Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца гечдехьа царна. Амма нагахь Ахь геч ца дахь, со а дІавайалахь Айхьа тІеязвинчу Хьайн тептар тІера». Цийонан гІалахь бисначех а, Ярушалаймехь дийна бисначех а – Ярушалайм-гІалахь дахарна дІакъастийначех массарех а – Дала базбинарш эр ду. Шайна даьсса суьрташ гуш болчу а, харцахьа пал туьйсуш болчу а пайхамаршна таІзар дан Сайн куьг хьалаайина Аса. Сан къоман кхеташонехь уьш кхин хир бац, церан цІераш Исраилан халкъана юкъахь дІаязйина хир яц, уьш цкъа а Исраил-махка юха а богІур бац. ТІаккха хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла. Амма жинаш шаьш карадерзорах даккхий ма де, шайн цІераш Дала стигалшкахь дІаязъярх даккхийде». Иштта хьоьга а, сан тешаме волу СезагІ, гІо дар доьху аса оцу зударшна. Хаза кхаъ баржош, аса бинчу балха тІехь Кала-Ментица а, кхиболчу сан накъосташца а дакъалаьцнера цара. Церан цІераш дахаран тептар тІе дІаязйина ю. самукъанечу гуламна, стигалшкахь цІераш дІаязйинчу Делан дуьххьарчеран леррина болчу гуламна, массеран Кхелахо волчу Далла, кхачамалле кхаьчначу Делан лаамехь болчеран синошна, Толам баьккхинчунна тІе кІайн духар духур ду. Цуьнан цІе дахаран тептар тІера Ас дІа а йойур яц. Иза Сан долахь хиларх тоьшалла а дийр ду Ас Сайн Дена а, Цуьнан маликашна а хьалха. Бийначу Іахаран карахь долчу дахаран тептар тІе шайн цІераш дуьне кхуллуш дуьйна а дІаяздина доцу массо а адамаш цу экханна Іамал еш хир ду.
Выбор основного перевода