Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхерамечу гІу чуьра со хьала а ваьккхина, сацкъаран уьшал чуьра со схьа а озийна, тарха тІе сан когаш Цо дІахІиттийра, ас еш йолу сан гІулчаш Цо чІагІйира. Ва Дела, кІелхьарваккхахьа со, хІунда аьлча сан логге кхаьчна-кх хиш. КІоргачу уьшал чохь висна со, тІе ког хІотто меттиг а яц суна. Хийн кІоргене чуваьлла со, цуьнан чехка дахаро дІавуьгу со. Лакхара Хьайн куьг а кховдадай, буьрсачу хих а, хийрачу махкара болчу нехан карара а кІелхьарваккхахьа со.
Выбор основного перевода